Рекламный баннер 990x90px header-top
16+

Тахана, кхоллараллин беттан 19-чу дийнахь ,вайн ишколехь 4-чу классера дешархоша йаздина региональны диктант.

11:06 22.01.2026
Тахана, кхоллараллин беттан 19-чу дийнахь ,вайн ишколехь 4-чу классера дешархоша йаздина региональны диктант.

Нохчийн меттан регионан диктантан 4-чу классашна коьрта Ӏалашо хӀокху декъех лаьтта:
Дешархойн хаарш таллар: Бераша 4-чу классе кхаччалц нохчийн меттан орфографин а, пунктуацин а бакъонех лаьцна ийцина хаарш муха леладо хьажар.
ГӀалаташца болх: Диктантан жамӀашца дешархойн йозанца долчу гӀалатийн анализ яр а, уьш нисдаран некъаш билгалдахар а.
Мотт шарбар: Берийн йозуш долу къамел кхиор а, церан тидам бар а, ладогӀар а шардар.
Ненан матте безам кхиор: Ненан меттан сий дан Ӏамор а, цуьнан хазаллан а, кхоллараллин а тидам тӀебахийтар.
Патриотически кхиор: Къоман мотт — иза халкъан орам хилар дешархошна довзийтар а, иза ларбан безаш хилар чӀагӀдар а.
31
Поделитесь новостями с жителями города
Если Вы стали свидетелем аварии, пожара, необычного погодного явления, провала дороги или прорыва теплотрассы, сообщите об этом в ленте народных новостей. Загружайте фотографии через специальную форму.
Полезные ресурсы
Рекламный баннер 728x90px center-bottom