Рекламный баннер 990x90px header-top
16+

Нохчийн Республикин Парламентехь "Кегийрхойн кхолларалла" цӀе йолчу 4-чу республикин къовсамехь толам баьккхина студенташ совгӀаташ даларца билгалбехира.

21:17 31.05.2026
Нохчийн Республикин Парламентехь "Кегийрхойн кхолларалла" цӀе йолчу 4-чу республикин къовсамехь толам баьккхина студенташ совгӀаташ даларца билгалбехира.

И маьӀне хилам Нохчийн Республикин Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (ДАЛА г1азот къобалдойла цуьнан) вина 75 шо кхачарна лерина бара, кегийрхошна къоман литература Ӏалашйар, кхиор, йовзийтар Ӏалашо а йолуш.

Дешан исбаьхьаллин лаккхара тIегIа а, къоман гIиллакх-оьздангаллех кӀорггера кхетар а гойтуш, "Проза" декъехь хьалхара меттиг йаьккхира НПХьУ-н 2-чу курсан дешархочо Вахаева Марьямас. "Поэзи" декъехь шолгӀа меттиг йаьккхира НПХьУ-н 3-чу курсан студента Папаев Хьамзата, цуьнан байт шен суртхlотторца а, к1оргаллица а къаьсташ йара.

Толамхошна грамоташ а, мехала совгӀаташ а делира. Цу хиламо кхин цкъа а тӀечӀагӀдира нохчийн кхузаманан литература кхиорехь а, къоман культурин тӀаьхье Ӏалашйарехь а дешархоша мехала дакъа дӀалоцуш хилар.

#ПрограммаРазвития_ЧГПУ
#Нохчийн_мотт
32
Поделитесь новостями с жителями города
Если Вы стали свидетелем аварии, пожара, необычного погодного явления, провала дороги или прорыва теплотрассы, сообщите об этом в ленте народных новостей. Загружайте фотографии через специальную форму.
Полезные ресурсы
Рекламный баннер 728x90px center-bottom