Рекламный баннер 990x90px header-top
16+

1ИЛМАНАН-ПРАКТИКИН КОНФЕРЕНЦИ «ВАЙН МОТТ – ВАЙН ИСТОРИ»

04:24 19.02.2023
1ИЛМАНАН-ПРАКТИКИН КОНФЕРЕНЦИ «ВАЙН МОТТ – ВАЙН ИСТОРИ»

18.02.2023г. Хьалха-Марта г1алин №5 йолу гимназехь д1айаьхьира 1илманан-практикин конференци «Вайн мотт – вайн истори». Мероприяти лерина йара 2023 шо - Нохчийн меттан шо а, иштта чиллин беттан ткъе хьалхара де - Дуьненайукъара ненан меттан де а хиларна. Показать ещё

Цхьаьнакхетаре баьхкина бара беза хьеший: Нохчийн меттан институтан директор, профессор Овхадов Муса, Нохчийн Республикин йаздархойн Сойузан председатель Ельсаев Аламад, Хьалха-Мартан к1оштан дешаран декъан куьйгалхочун меттаверг Едаев 1ийса, иштта кхиберш а.

Конференцин программехь дийцаре диллинарг:

доклад «Вайн мотт – вайн истори»;

доклад «Йуьхьанцарчу классашкахь ненан матте безам кхиор»;

доклад «Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь дешархойн меттан хазна шорйар»;

доклад «Нохчийн меттан йоза кхиоран истори».

Овхадов Мусас а, Ельсаев Аламада а билгалдаьккхира, иштта конференциш ч1ог1а мехала хилар мотт бовзарехь а, и 1аморехь а.

Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран отделан пресс-служба1:42

201
Поделитесь новостями с жителями города
Если Вы стали свидетелем аварии, пожара, необычного погодного явления, провала дороги или прорыва теплотрассы, сообщите об этом в ленте народных новостей. Загружайте фотографии через специальную форму.
Полезные ресурсы
Рекламный баннер 728x90px center-bottom