Рекламный баннер 990x90px header-top
16+

ХЬАЛХА-МАРТАН К1ОШТАН ДЕШАРХОШНА ЙУКЪАХЬ Д1АБАЬХЬИРА КЪОВСАМ «1АКЪИДАТУ-ТТАУХЬИД»

04:24 17.02.2023
ХЬАЛХА-МАРТАН К1ОШТАН ДЕШАРХОШНА ЙУКЪАХЬ Д1АБАЬХЬИРА КЪОВСАМ «1АКЪИДАТУ-ТТАУХЬИД»

17.02.2023г. Хьалха-Марта г1алин №8 школехь д1абаьхьира къовсам «1акъидату-ттаухьид» («Аллах1 Дела цхьаъ вар») Хьалха-Мартан к1оштан школийн дешархошна йукъахь. Показать ещё

Цхьаьнакхетаре баьхкина бара беза хьеший, жюрин декъашхой: НР муфтин г1оьнча, дешаран декъан куьйгалхо Мачаев Ибрах1им, НР муфтийатан син оьздангалла кхиоран кхеташонан куьйгалхо Межиев Саламу, Хьалха-Мартан к1оштан дешаран декъан куьйгалхочун меттаверг Едаев 1ийса, иштта кхиберш а.

Шайн къамелехь, бист хуьлуш, гулбеллачара билгалдаьккхира, кху кепара къовсадаларш, мероприятеш д1айахьар мехала болх хилар а, ткъа иштта бусалба динах дош ала, дин довза а, и 1амо а тахана санна вайна маршо цкъа а хилла цахилар а.

Къовсаман толамхой:

1 меттиг – Йоккхачу Атаг1ара №4 йуккъерчу школин дешархо Эльмурзаев Аминат;
2 меттиг – Гехи-Чуьра йуккъерчу школин дешархо Эльбукаева Иман;
3 меттиг – Г1ойт1ара №3 йуккъерчу школин дешархо Абдурашидова Марха.

Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран отделан пресс-служба

176
Поделитесь новостями с жителями города
Если Вы стали свидетелем аварии, пожара, необычного погодного явления, провала дороги или прорыва теплотрассы, сообщите об этом в ленте народных новостей. Загружайте фотографии через специальную форму.
Полезные ресурсы
Рекламный баннер 728x90px center-bottom