#Repost @daaev_minobr with @use.repost
00:22
25.04.2023
@daaev_minobr with @use.repost
・・・
Ассаламу 1алайкум!
Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Хьомсара махкахой! Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствон белхалойн ц1арах а, сайн ц1арах а, ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Вайна ма-хаара, х1ора а шарахь, оханан беттан 25-чу дийнахь, даздеш ду Нохчийн меттан Де.
Нохчийн меттан Де билгалдаьккхина шен Омрица 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Х1ара сийлахь де даздар а, кхуьнан сий дар а коьрта 1алашо йу вайн т1екхуьучу кегийрхойн ненан матте болу безам кхиор а, ч1аг1бар а, царна маттаца доьзна долу г1иллакхаш довзийтар а.
Вайн махкахь иштта лаккхара терго йар бахьана долуш, мотт кхиош, цу т1ехь къахьоьгуш шортта хьехархой а, 1илманчаш а бу. Тахана вайн ишколашкахь, берийн бошмашкахь къаьсттина тидаме лаьцна ду ненан маттаца долу берийн гергарло ч1аг1дар.
Нохчийн Республикин Дуьхьарлерчу Паччахьо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан), меттан хьокъехь аьлла дешнаш: «Къам дийна хиларан мокхазан ч1аг1о йу ненан мотт!». Оцу дешнаша вайн Даймехкан машаре новкъахь сийлахь меттиг д1а а лаьцна, ненан маттаца бен къоман т1аьхье ца хилар а хаийтира.
Вайна ма-хаара, Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина 2023-г1а шо, «Нохчийн меттан шо» ду аьлла. Иштта цу хьолахь къаьстин ч1аг1бина тахана д1ахьош бу вайн мехкан говзанчаша, 1илманчаша, йаздархоша мотт кхиорехь жигара болх. Вайн декхар ду т1екхуьуш болчу кегийрхошна ненан маттаца доьзна долу оьзда г1иллакхаш довзуьйтуш, мотт безар а, ларар а, 1алашбар а гойтуш, церан уьйьр ч1аг1йеш къахьегар.
Дала декъалдойла вай х1окху дезачу денца! Дала т1аьхье беркате йойла!